Псков-махкарчу Пыталово кIоштан кхело Нохчийчуьрчу шина вахархочунна исс-исс шераш кхайкхийна набахтехь такха, низам а дохош, Латве кхача гIортарна.
2020-чу шеран Лахьан-баттахь иккхина хилла и инцидент. Дозанна 200 метр гергахь лаьцна и шиъ эскархоша, ца хилла цаьрца пачхьалкхера арабовла бакъо луш долу документаш.
Хьалхо хаам баьржира, Литуван дозанхоша 19 нохчо лаьцна дозанна уллерчу Шальчининкайн хьуьнхахь, аьлла. Пхи стаг а, йиъ зуда а, бераш а Беларусехула кхаьчнера оцу махка.
Европан пачхьалкхашка нохчий дIакхалха буьйлабелира Нохчийчохь шолгIа тIом иккхича (1999-чу шеран Iай дуьйна). Официалехь йоцчу информацица, Европан Бартан мехкашкахь хила тарло 200 эзар сов нохчийн мухIажар.