Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Вашингтонера цIавехна векал дIакхаьчна Москва. Бахьана - Байдена Путинна аьлларг

Хьалхо Москва консультацешка кхайкхина хилла Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкара векал Антонов Анатолий дIакхаьчна. Оьрсийчу.


Шереметьево аэропортехь Нью-Йоркера схьакхаьчна дипломат ца хIоьттина журналисташца къамел дан.


Ша Америкера схьавалале динчу дIахьедарехь Антоновс аьлла, "Iан мел веза Iийр ву" ша Оьрсийчохь, "дуккха болх бу бан безаш цхьацца урхаллашкахь", амма ца хаийтина муьлхарш ю юьйцурш.


Векал консультацешка Москва кхайкхина хилар хаийтира Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран векала Захарова Марияс Зазадоккху-беттан 17-чу дийнахь – оццу дийнахь эфирехь араелира Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Джо Байденан интервью. АВС телекомпанин журналиста динчу хаттарна жоп луш, цо элира, ша «киллер» лору Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Захаровас нийсса дIа Байденан дешнашца ца дуьйзира иза, амма яздира, Оьрсийчоьнан-Американ юкъаметтигаш тояр дийцаредан Москва кхайкхина векал.


Байденан дешнаша дарбина дуккха а Оьрсийчуьра даржхой а, пачхьалкхан куьйгалхошна муьтIахь болу политикаш а. Ша Путина могашалла ехна Байденна, дагадаийтина берийн алар: "Боьха хабарш дуьйцург ша ву ша боххург". Цо кестта цхьаьнакхетаре кхайкхина Байден. Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента жоп луш аьлла, "хан ма кхеччи" дийр ду ша Путинца къамел.



Оьрсийчоьнан агенталлаша кIирандийнахь зорбане яьхна Оьрсийчоьнан векалш муьлхачу хьелашкахь кхойкхуш хуьлу цIахь дIахьочу консультацешка. Иштаниг наггахь бен хилла дац Оьрсийчохь, нисло пачхьалкхийн юкъаметтигаш йоьхча. ТIаьххьара иштаниг нисделла 2014-чу шарахь, Украинера векал Зурабов Михаил консультацешна юхакхайкхича – ткъа хилира иза Украинехь Янукович Виктор президентан даржера вохийча, Оьрсийчоьно и хилам карчаман меха хIоттийча, Чиллан-беттан 23-чохь. Зурабов Украинера дIавахна масех де даьлча, ГIирма долаийцира Оьрсийчоьно, цул тIаьхьа референдум а хIоттийна, аннекси йира ахгIайренна. 2014-чу шеран Мангал-баттахь Киеве юхавахара Зурабов.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus