Шуша гIалина гергахь некъ минех цIанбечу заманчохь велла Дуьненаюкъарчу минашна дуьхьал лаьттачу центран эпсар аьлла, пIераскан дийнахь Iорабаьккхина хаам Оьрсийчоьнан тIеман министралло, яздо "Интерфаксо". Чолхе чевнаш йина эпсар лазартне вуьгучу хенахь новкъахь велла, хаамбо министралло.
Цхьана дийнахь-буса Степанакертахь эккханза 1 200 мина карийнера Оьрсийчуьра бахначу машарбархошна аьлла, кху беттан 16-чохь дIахьедира тIеман министралло. Минех 16 чакхарма цара дIацIанйина хилар билгалдоккхуш.
Гезгамашин-беттан 27-чу дийнахь болийна тIом лаьттира Карабахехь Лахьан-беттан 9-че кхаччалц. Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а лидерша Лахьан-беттан 9-чу дийнахь хааме даьккхира, Ломан Карабахехь тIом сацош барт хилла шайн аьлла.
Ломан Карабахеь йолчу Оьрсийчоьнан маслаIатан контингетнта юкъахь ву 2 эзар гергга эскархо.