Бакъо йоцуш шайн махка баьхкина нах латточу меттигехь латточу Нохчийчуьрчу 49 шо долчу Амагов Асламбекан хьокъехь хьалхо бина хилла сацам юхабаьккхина Киеверчу кхелахоша. Суьдхочо Глущенко Янас куьйгъяздина, Кавказ.Реалиин карадеанчу документа тIехь хаийтина цунах лаьцна. Адвокато Ангелин Ивана портале дийцарехь, Амаговс латкъамбинера Украинерчу миграцин хьукмато бинчу сацамна.
2019-чу шарахь миграцин хьукмато Амаговна иммиграци еш бина сацам бохийнера. Ткъа кху шеран Лахьан-баттахь бен цуьнга шега хаийтина а ца хиллера. Украинан яхархо а ялийна, оцу пачхьалкхехь ши бер а хилла вехаш вара Амагов.
Нохчийчуьра схьаваьлла, шайн пачхьалкхехь вехачу 20 стеган хьокъехь карарчу шарахь сацамаш тIеэцнера Украинан Iедалхоша, уьш махкахь бохуш аьлла, дуьйцу Украинерчу нохчийн диаспоран векалша.