ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах Къилбаседа Кавказехь 13 вахархо велла, цамгар хьахкаелла кхин а 781 стагах.
Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь велла COVID-19 цамгарх пхи стаг, Ставропол-махкхаь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – кхоккха. Дагестанехь – шиъ.
Дийнахь- буса а, пандеми яьржичхьана а регионехь цомгуш хилла:
Ставропол-мохк +170 (19076)
Краснодар-мохк+102 (15909)
ГIалмакхойчоь + 87 (7956)
Дагестан + 86 (15030)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 84 (8990)
Кхарачой-Чергазийчоь + 85 (8574)
Адыгей + 61 (4918)
ГIалгIайчоь + 53 (6667)
Къилбаседа ХIирийчоь + 46 (6554)
Нохчийчоь + 7 (2535)
Къилбаседа Кавказехь ун даьржичхьана схьа цомгуш хилла 96209 стаг, велла царех 1924. Ерриг а Оьрсийчохь и терахь ду 1 415 316*.
*Оьрсийчоьнан официалан статистико юкаълоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал а.
Коронавирусах цомгуш хуьлурш алсамбевллехь а, цкъачунна Къилбааседа Кавказехь кхайкхош яц карантин, амма нах декхаребо масканаш лело.