Оьрсийчоьнан коьрта тренер Сталинна хIоллам хIоттош ву
"Юьхьанца сайна аьлла, беш бара ас и болх. Тедеев Дзамболатан лаам хилира, иза соьгара эца", - аьлла, дийцина Кавказ.Реалиина Хаев ИбрахIима.
БуьритIерчу сийлаллин Аллейхь Сталинан бюст ю дIахIоттийна.
Сталинна хIолламаш а, бюсташ а хIиттор эргIаде тIеоьцу луларчу мехкашкахь: Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIирмерчу гIезалоша а, иштта Сталинан депортаци мел лайначу къаьмнаша а.