ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 15 вахархо, цомгуш хилла 620, хаам бо Оьрсийчоьнана уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо.
Дагестанехь д1аваьлла 9 стаг, Краснодар-махкахь а, Ставропол-махкахь а – кхоккха. Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах кхелхина лору Iедалан статисташа 1559 вахархо.
Дийнахь-буса а, пандемин берриг мурехь а цомгуш хилла:
Ставропол-мохк +146 (15345)
Краснодар-мохк + 93 (13501)
Дагестан +83 (13016)
ГIалмакхойчоь + 69 (6090)
Кхарачой-Чергазийчоь + 68 (6681)
ГIалгIайчоь + 50 (5430)
ГIебарта-Балкхаройчоь +41 (7441)
Къилбаседа ХIирийчоь +35 (5644)
Адыгей +28 (3925)
Нохчийчоь + 7 (2404)
Таханенна коронавирусах цомгуш хилла ларало Къилбаседа Кавказехь79 477 стаг. Ерриг а Оьрсийчохь и терахь ду 1 136 048.
Шина кIиранна д1акъевлина ХIирийчохь ун хааделла йолу школашкара классаш. Цара дистанционан кепехь доьшур ду.
ДуьнентIехь коронавирусах велла миллион гергга стаг. Кху беттан 18-чу дийнахь уггаре дукха ун кхетта керла дархой билгалбевлла Лаьтта тIехь - 316 эзар гергга.