ТIе камера а хьажийна, шишанна тIехаийна 19 шо долу Тепсуркаев Салман вадийна хилла, хетарехь, полицица дакъа долчу меттигерчу наха.
Иштта яздо "Новая газето", шегахь тоьшаллаш хиларх даре а деш. Редакцехь ю, газето яздарехь, Тепсуркаев маца, стенгахь хилла, муха вадийна къастош йолу информаци.
Зорбанан гIирсо дийцарехь, Гезгмашин-беттан 5-чу дийнахь вадийна иза ша болх бан вахначу Нохчийчоьнал арахьарчу меттера. ШолгIачу дийнахь кхачийна Соьлжа-ГIала, карарчу хенахь хила мега цигарчу лерринчу ницкъийн "Терек" тобан декъехь, хета журналисташна. Уьш дагахь бу шайгахь гулъйелла информаци бакъонашларъечу "Мемориал"центре дIаяла – прокуратура таллам бан декхаре еш яздинчу дIахьедарх дIатоха. Оьшу кехаташ "Мемориало" хIинцале чуделла.
Гезгмашин-беттан 7-чу дийнахь Инстаграмерчу 1ADAT пабликехь араелира гIараяьккхина юьйцу видео. Иза Тепсуркаев Салмана ша хьажийна редакце, бохура хьостанан администрацино. Ша IADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзина ваьлла волу Тепсуркаев хиира шишанна тIе. Шена шишанна тIехаа я тапча тохийта битинчу шина харжамах цхьаъ бу ша къастийнарг, бохура жимчу стага.
Хиламна комментари йиначех ву Оьрсийчоьнан президентан цIарх Нохчийчохь адамийн бакъхонашна тIехьажархо волу Нухажиев Нурди. Хилларг кIоршаме, иэхье зулам ду, шен хьукмато толлур ду иза, аьлла цо.
Телеграмерчу IADAT канало ша схьайиллинчу 5 бетта чохь шена гонах гулвина 6000 сов ешархо. "Кадыров Рамзанан режимна дуьхьаллаттархой" олу шаьш-шайх пабликан авторша. Цара дуьйцу, гойту махкахь нах лечкъорах лаьцна а, Iедалан белхахоша бахархошна бечу Iаткъамех лаьцна а.