ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах ворхI дархо кхелхина, ун даьлла кхин а 378 вахархочунна.
Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабо дIахьедарца, Ставрополан махкахь велла кхоъ, Краснодаран кIоштахь шиъ, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а цхьацца кхелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь хIинцале а велла COVID-19 вирусах 1 111 стаг.
Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь - 138 стаг:
Ставрополан махкахь +138 (10 345 ву эпидеми чьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь + 84 (I0075)
Дагестанехь +60 (1 0I5I)
ГIалгIайчохь +24 (4 069)
Кхарачой-Чергазийчохь +18 (4 670)
ГIебарта-Балкхаройчохь +17 (6 256)
Адыгейхь +15 (3 144)
Къилбаседа ХIирийчохь +10 (4 700)
ГIалмакхойчохь +6 (3 413)
Нохчийчохь +6 (2 200)
COVID-19 вирус кхетта верриг а ву Къилбаседа Кавказехь 58 651 стаг. Оперативан штабо шинарин дийнахь Iорадаьхнчу зерашца, Оьрсийчохь бу вирус кхетта - 932 493 стаг.
Цомгаш нах дукха хиларца билгалъяьккхина ю Ставрополан кIошт. Кхул хьалха лазарш даьржинера Краснодаран махкахь а, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а.