Ростов-махкарчу набахтешна тIехьожуш хилла Даххаев Муслим кхин а кхаа баттахь кхобур ву талламан изоляторехь, хаам бо Интерфаксо.
Даххаев лецира стохка гурахь пачхьалкхан къайле Iораяккхарна (Бехктакхаман кодекс, 283) иштта бовзуьйту цунна дуьхьалбаьккхина бехк цуьнан адвоката.
Набахтийн урхаллин (ФСИН) директоран гIовса Максименко Валерийс хьалхо хаийтира Даххаевна пачхьакхан къайле ястар бехкедеш хилар. Иза ша цхьаъ ву бехктакхаман гIуллакхехь.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу ницкъийн инарла-майор, дагестанхо (гIазгIумки) Даххаев Муслим Ростов-махкарчу набахтийн куьйгалхочун дарже хIоттийра 2018 шеран аьхка.