Мы в Telegram
Добавить новость

Паркинг на 300 машино-мест появится в ЖК «Новая Щербинка» Подольска

АО «Транснефть – Прикамье» провело свыше 3 тыс. экологических исследований в I квартале 2024 года

Киркорова оштрафовали на 6 тысяч рублей из-за неуплаченного штрафа в 3 тысячи

Школьников Подмосковья приглашают присоединиться к новому «Уроку цифры» с 6 мая

World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Америко Кадыровна тоьхна санкцеш, Штаташна дуьхьалъяьлла Росгварди

Америко Кадыровна тоьхна санкцеш, Штаташна дуьхьалъяьлла Росгварди

ОРШОТАН ДЕ

Iазапаш лелорна а, кхел йоцуш нах байъарна а, кхиндолчу бакъонаш йохорца а доьзначуьнца а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал керла санкцеш яьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто. "10 шарал а сов хенахь дуккха а адамийн бакъонаш луьра хьешарна, Iазап латторна, еш кхел ел а йоцуш, нах байъарна Кадыров жоьпаллехь хилар гойту бакъ информаци ю Департаментан долахь", - боху Американ Цхьанатоьхначу Шатийн пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан дIахьедаро. Санкцеш хьовсийна Кадыровн зудчунна Меднина а, шина йоIанна – Iайшатна а, Хадижатна а – дуьхьал. Царна а доьхку Американ Штаташка бахка – Пачхьалкхан департаменто бахарехь, цуьнгахь информаци ю уьш адамийн бакъонаш йохочу некъахь хиларх, " шаьш я шайн гонашца уьш боккхачу барамехь коррупцин декъабахана хиларх ". Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто рогIера санкцеш кхайкхор шен амалехь тIеэцна Кадыровс: телеграм-канале, деза герзаш кара а эцна, шен сурт хIоттийна цо, буха яздина: "Помпео, оха тIеоьцу тIом! КхидIа вуно самукъане хир ду!"

ШИНАРИН ДЕ

Оцу юкъанна, Австрин коьртачу шахьарехь дIавоьллира, карарчу беттан 4-чохь вийна нохчийн политикан мухIажар Умаров Мамихан (Венера Анзор), кешнийн го лаьцначу полисхоша а, къайлахчу сервисийн белхахоша а ха латтош. Шахьарарчу Лизинг олучу бусулбачийн кешнашкахь лаьтте кховдийна Умаров. Тезетахь хилира нохчийн диаспоран векалш а, иштта Умаровн гергара нах а, бевза-безарш а. Верриг а бIе гергга стаг вовшахкхеттера цу барамехь. Хетарехь, адам кхин а алсам гуллур долуш хиллера цу тезетахь, амма коронавирусан пандеми бахьана долуш меттигерчу Iедалша дихкинера бIеннал а сов вовшадеттадалар. Дагадоуьйту, Венина гергахь коьртах герз тоьхна вийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критик лаьттина, "Венера Анзор" цIарца шуьйрачу гонашкахь вевзаш хилла Умаров Мамихан. Шен YouTube агIонехь Умаровс яржайора Оьрсийчоьнан къайлаха ницкъаша Европерчу политикан эмигранташна, Ичкерин векалшна кIелонаш еш хиларх йолу информаци, шога критика йора Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхошна. Умаров Мамихан Австрехь вийна аьлла, шеконашца Нохчийчуьра схьаваьлла Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а лаьцна.

КХААРИН ДЕ

Ткъа, Кадыров Рамзан а, цуьнан доьзалхой а Америкас санкцийн тептаре баьхначул, эргIадбахначу цхьа могIа Кадыровн гонерчу наха кеп-кепара дIахьедарш дира Цхьанатоьхначу Штаташка а, пачхьалкхан департаментан секретарна кхерамаш а туьйсуш. Царна тIетовш юьстах ца йиссира Нохчийчуьра муфтият а."Динан урхаллан векалша билгалдоккху, шайна билггал хууш хиларх, оцу массо а харц демократаша нохчийн лаьтта тIехь зуламаш лелийна террорхой бакъбар", - аьлла дIахьедира Динан урхаллан хьалханчас. Урхаллехь болчарна хетарехь, "Исламна а, доллу нохчийн къомана а дуьхьал яьхна ю Америкас санкцеш". Кадыров Рамзана а, цуьнан дас Кадыров Ахьмада а "Iалашйина нохчийн къоман хьоьшуш хилла бакъонаш, Нохчийчоьнан Республикан дозана тIехь адамийн конституцин бакъонаш Iалашъяр а юхаметтахIоттийна", иштта тIеман-политикан кризисера яьккхина Нохчийчоь бохуш, дуьйцура динан дайша.

ЕАРИН ДЕ

Амма, Цхьаьнатоьхначу Штаташа "Iаьржачу тептаре" ваьккхинчу Кадыров Рамзанан догэцар санна, дIнисделира еарин дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира цунна инарла-майор аьлла, бIаьхочун сийлахь совгIат дар. "Президенто ша бовзийтира суна докумкнтан чулацам. Беза мах хадор ду иза", - яздина Кадыровс шен "ВКонтактерчу" пена тIехь, ша "Путинан гIашсалти" хилар а, муьлххачу континентехь, муьлхха а цуьнан тIедиллар кхочушдан кийча хилар билгалдоккхуш. "И дерриг а кхочушдан тхан мел оьшург долуш ду - доьналла, хадамалла, кхачо йоллу кечам, техника, цхьаннен а хаттарш ца хилийта, федералан структураша делла герз а цхьаьна", - дIахьедина Кадыровс. 2004-чу шарахь Путина Оьрсийчоьнан Турпалхо вира Кадыровх. Иштта деза совгIаташ дира цунна, пачхьалкхана гергахь мехала гIуллакхаш дарна а, кхачийра цунна Сийлаллин а, Къонахаллин а мидалш а, орденаш а.

ПIЕРАСКАН ДЕ

"Ахмат Арена" стадионехь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вазвеш, цунна дифирамбаш лекха дIакхайкхийна флешмоб "данне а бакъ доцург ду" аьлла, керстдан сихбелира, и барам вовшахтоха лерина хилла спортан министраллан белхахой. "Школийн куьйгалхой, телефонаш дIасаетта, кхана Ахмат-Аренехь шуьйра флешмоб ю дIахьош. Спортан министраллера зIене бевр бу шуьца, оцу барамах кIорггера дийца. Дийнахь кхо сахьт даьлча массо а стадиона хьалха хила везаш ву, бетах йоьхкина масканаш а йолуш, шайца хи а, "МыСемьяКРА" тIеяздина кехаташ а долуш", - бохуш, аудио яржийра шен цIе ца яьккхинчо. Оцу юкъанна спортан министралло тIе ца дуьту, инструкцеш шайгара ю бохург. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь министраллан пресс-секретаро, "сов тIех фантастика" ю элира флешмоб, коронавирусан пандеми бахьана долуш тоьхначу дозанашна тIе а тоттуш. "Тхо тхаьш а ду цецдевлла, оха цхьа а хаамаш баржийна бац. Фейк ю иза, тхуна дуьхьал болх бечу наха юкъаяьккхина. Пандемина юккъехула хIун флешмоб хир ю, адамаш вовшех къехкаш долчу муьрехь. Тхуна дагадеана хIума дац иза. Бакъ дац!", - аьллера министраллехь.

ШОЬТАН ДЕ

Амма бакъ ду, Гуьмса кIоштан 3 эзар сов нах вовшахкхетта, дIаяьхьна хилла, Америкас Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а, цуьнан доьзалерчу нахана а санкцеш тохарна дуьхьал яьккхина акци. Иштта, Нохчийчоьнан гIаланашкахь а, кIошташкахь а протестан акцеш хIиттийнера аьлла, информаци яржийра, "МысемьяКРА" аьлла, хештегашца цигахь даьхна суьрташ а, видеош а тIе а Нохчийчоьнан "Грозный" пачхьалкхан телерадиокомпанис инстаграмерчу шен пена тIехь. Юьстах ца Iийна республикера "Росгварди" а, "Чеченэнерго" а, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министралла а, кхин а цхьа могIа урхаллаш а. "Кавказский узел" агенталло яздо, бертаза, балхара дIабохур бу цабаьхкинарш бохуш, кхерамаш а тийсина, арабаьхнера махкахой.

КIИРАН ДЕ

Республикехь коронавирусан эпидеми бахьана долуш тоьхна карантинан дозанаш малдичхьана COVID-19 ун юха даржа доьлла махкахь аьлла, шоьтан суьйранна дIахьедира Нохчийчуьрчу могашалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана. ХIетте а, Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан винчу денна баккхий кечамаш болийна Соьлж-ГIалахь. Мехкан Iедалхоша 4,8 миллион сом ахча билгалдаьккхина оцу хенахь даздечу пачхьалкхан флаган денна а, Кадыровн винчу денна а лерина барамаш хIиттон. "МБХ медиас" яздо цунах лаьцна, пачхьалкхан цIарах хIума оьцучу сайтехь зорбане яьккхинчу документацех пайда а оьцуш. Кадыров Ахьмадан 69 шо кхочучу Марсхьокху-беттан 23-чохь Соьлж-ГIалахь концерт дIахьур ю, 700 сов нах вовшахтоьхна. Ткъа флаган де билгалдоккхур ду оццу беттан 22-чохь. Эзар сов стаг декхаревеш ву цу дийнахь марш ян. Иза йирзинчул тIаьхьа а концерт дIахьур ю меттигерчу иллиалархошца. Ткъа шайн керташкахь а, ресторанашкахь а нах гулбеш, тойнаш, ловзарш хIиттон хIинца а дихкина ду бахархошна.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Ru24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Ru24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Ru24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Мотоциклист сжег автомобиль бывшей жены в Зеленограде

На рынок недвижимости вышла компания «БН Групп»

АО «Транснефть – Прикамье» провело свыше 3 тыс. экологических исследований в I квартале 2024 года

Тихонов: в деле Валиевой наказали только спортсменку, больше никто не пострадал

Музыкальные новости

Случай на концерте Metallica в России

Токсиколог Кутушов рассказал почему возникает похмелье

Тема дня: Путин назвал сохранение духовных ценностей условием укрепления суверенитета

Компания ICDMC стала победителем престижной премии в сфере ЗОЖ – Green Awards 2023/24

Новости России

Штраф за неуплату штрафа: Киркоров продолжает спорить из-за платной парковки

Сергунина: в текущем году в Москве появятся еще 24 площадки для выгула собак

«Единая Россия» фиксирует мощные DDoS-атаки на фоне акции «Диктант Победы»

АО «Транснефть – Прикамье» провело свыше 3 тыс. экологических исследований в I квартале 2024 года

Экология в России и мире

Сергей Трофимов выступит с летним концертом в Зеленом Театре ВДНХ

Благотворительный фонд «Гольфстрим» отмечает 13-летие и запускает акцию «Семья это - ...»

День Земли - каждый день

Компания ICDMC стала победителем престижной премии в сфере ЗОЖ – Green Awards 2023/24

Спорт в России и мире

Медведев остался лучшим среди россиян в обновлённом рейтинге ATP, Рублёв — восьмой

Соболенко: я предпочитаю смотреть мужской теннис, а не женский

Свёнтек: я чувствую, что с каждым годом получаю всё большую поддержку

WTA озвучила Елене Рыбакиной условия для становления второй ракеткой мира

Moscow.media

Суд не стал менять приговор экс-главе наркоконтроля Свердловской области

Более 100 студентов посетило СЛД Курск в рамках акции «Неделя без турникетов»

Жёсткие экологические требования решат инновационные энерготехнологии

Тихий вечер...











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Мотоциклист сжег автомобиль бывшей жены в Зеленограде

АО «Транснефть – Прикамье» провело свыше 3 тыс. экологических исследований в I квартале 2024 года

На Ходынке в Москве построят бизнес-центр за 35,7 миллиардов

Паркинг на 300 машино-мест появится в ЖК «Новая Щербинка» Подольска