Кху беттан 4-чохь Австрехь вийначу политикан эмигрантан Умаров Мамиханан (Венера Анзор) 2007-чу шарахь дуьйна мухIажаран статус яра, амма тIаьхьо ваьккхинера иза цунах. Иштта хаам бина тахана, еарин дийнахь, Лахарчу Австрин полицин урхаллан векало Баумшлагер ЙохIана.
"2007-чу шарера схьа дуьйна Австрехь вехаш вара 43 шо долу вийнарг, мухIажаран тховкIело а елла. Амма цу статусах ваьккхира иза миграцин гIуллакхашкахула йолчу хьукмато. Оцу сацамна латкъамбинера Умаровс Федералан административан кхеле", - аьллачу полицин векалан дешнаш далийна ТАСС агенталло.
Баумшлагера бахарехь, шеконашца лаьцна Нохчийчуьра ши вахархо а тховкIело йоьхуш а, мухIажаран бакъо йолуш а хиллера.
"Церан бакъо ю тховкIело еха. Миграцин гIуллакхашкахула йолчу хьукматан дIахьедарца, цаьргара а дIаьяккхинера мигрантийн статусаш, цара а арз динера цу тIехула Федералан кхеле", - аьлла, билгалдаьккхина Баумшлагера.
Полисхочо иштта дIахьедина, хила тарло Умаров цхьаммо вен кхайкхийна а, тарло иштта, девнна тIехула вийна а.
" Конституци Iалашъяран а, терроризмаца къийсам латточу а регионалан урхалло хIинца къастонза ду, иза веран бахьана. ХIунда аьлча, иза вийна аьлла, шеконашца лаьцначо дуьйцуш хIума дац", - хаамбина Баумшлагера.
Венина гергахь коьртах герз тоьхна вийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критик, "Венера Анзор" цIарца вевза Умаров Мамихан. Österreic газето бечу хаамца, зулам дина меттигерчу 19.30 хенаца "G3" олучу туьканна уллехь.
Шен YouTube агIонехь Умаровс яржайора Оьрсийчоьнан къайлаха ницкъаша Европерчу политикан эмигранташна, Ичкерин векалшна кIелонаш еш хиларх йолу информаци, шога критика йора Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхошна.
Умаров Мамихан Австрехь вийна аьлла, шеконашца Нохчийчуьра схьаваьлла Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а лаьцна.
Европехь нохчий байъарна дуьхьал акци дIаяьхьира Венерчу Оьрсийчоьнан векалаллан гIишлона хьалха шинарин дийнахь. Иза хIотторан бахьана дара – нохчийн политикан мухIажар Умаров Мамихан вер.