Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а коронавирусан инфекцех велла 8 дархо, кхин тIе а цомгаш хилла – 382 стаг. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабо еллачу информацица, Дагестанехь велла 4, Ставрополан кIоштахь – 3, Нохчийчохь – 1 пациент.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь кхелхинарг ву COVID-19 вирусах – 846 пациент. ТIаьххьарчу информацциа, къаьсттина Ставрополан кIоштахь дукха бу ун даьлларш – 79:
Ставрополан кIоштахь +79 (5 892 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран махкхаь + 63 (6 523)
Дагестанехь + 47 (8 327)
ГIебарта Балкхаройчохь + 45 (5 433)
ГIалмакхойчохь + 41 (2 028)
Кхарачойн Чергазийчохь + 38(3 957)
ГIалгIайчохь + 23 (3 228)
Адыгейхь + 20 (2 187)
Къилбаседа ХIирийчохь + 18 (4 193)
Нохчийчохь + 8 (1 809)
Къилбаседа Кавказехь коронавирусан ун даьлла 43 521 стагана. Оперативан штабан еарин дийнахь довзийтинчу зерашца, йоллу Оьрсийчохь 707 301 дархо ву COVID-19 вирус кхетта.
ТIаьхьарчу кIиранах Ставрополан кIошт ю цомгаш нах дукха хиларца къастаелла. Кхул а хьалха сийсош яра ГIалмакхойчоь.
Коронавирусах дIакхайкхон федералан штабан статистика дукха хьолахь цхьанайогIуш ца хуьлу регионалан а, иштта Росстатан а жамIашца. Мел а лаххара хуьлу цара Iорадоху терахьаш. Хьаькамаша бахарехь, зераш дар кеп-кепарчу метидикашца хиларна бIостане дуьйлу терахьаш.