ГIалгIайчуьрчу дарбан х1усамашка бехкинчу коронавирусо лецначу бахархойх 15 стаг реанимацехь, вон хьолехь ву, хаам бо цигарчу уьнна дуьхьалоечу оперативан штабо.
Дархойх цхьаъ шегга садаIалуш вац, хIуо латтош йолу аппарат х1оттийна цунна.
"169 стаг ву дарбан хIусамашкахь, царех 69-ннан тесто бакъдина уьш ун кхетта хилар, 15 ву халачу хьолехь, реанимацехь", - яздо РИА Новости агенталло.
Товбецан-беттан 2-чу дийнан информацица, 3088 стагехь карийна коронавирус ГIалгIайчохь. Дийнахь-буса велла цхьа пациент, ун хьакхаделла кхин а 19 вахархочух.
Верриг а коронавирусах велларг ву ГIалгIайчохь 69 стаг, шайлахь, масала, мехкан муфтий Мартазанов Iабдурахьман а волуш.