Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкара бусулба бакъонашларъярхой саготта бу, набахтешкахь болчу бусулба тутмакхийн кхечаьрца цхьатерра бакъо цахиларна динан литература я атрибуташ эца, яздо WHYY PBS хьостано.
Пенсильванерчу набахтешкахь, хаамийн гIирсо дийцарехь, тутмакхна маьхза карало саба а, шаршу а, гата а, кхин тIеоьшург набахтерчу туьканахь эца дезаш хуьлу. Масала, КъорIанан мах 21 доллар бу, ламазан кузан мах 23 доллар, ткъа коьрта туьллучу песах доьху 12 доллар.
Хьостано билгалдаккхарехь, муьлххачу а маьждигехь йиллинчу туьканахь 3-зза лахара ду церан мехаш. Ишта дорах ду КъорIан Iамеркан муьлххачу а туьканахь. Ткъа набахтешка, бакъонашларъярхоша чIагIдарца, кест-кеста маьхза динан литература кхачайо, цундела тутмакхаш а, тергамчаш а цецбуьйлу сил беза мехаш хIитторна.
Дустуш аьлча, Библи эца йиш ю набахтен туьканашкахь 8 долларх. Нью-Йоркерчу КъорIан арахоьцучу Хальфан Ауналис бахарехь, цуьнан фирмано хIоразза а набахтешка дIакхачадо КъорIан 3 долларх, амма шена ца моьттура боху цо, тутмакхашна ворхIазза мах тIе а тоьхна духкий.
"Нагахь санна, КъорIан деша луучарна цара финансийн дуьхьалонаш хIиттош елахь, и проблема листа еза", - аьлла Iамеркан а, исламан а юкъараллан Кхеташонан (CAIR) векало Хупер ИбрахIима.