Ши шо кхочуш лаьтта Паьнгаза талла баьхкинчу Iедалан ницкъаша 19 шо долу Тимерлан Мачаликашвили вийна. Да Малхаз къар ца луш хьийза шен воI вийначарна таIзар дайта. Тбилисехь, Гуьржйичоьнан парламентна уллехь ю цо шен протест дIакхоьхьу меттиг – цуьнан гатан четар. Хаьий гуьржашна, мила ву Малхаз, хIун бала бу цо балхориг?