Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

КадыровгIеран бахамаш гайтинчу Нухановн зудчуьнга оьрсийн националисташа: «Славянийн сийна бIаьргаш болу цIий доьхкина ахь»

Соьлж-ГIалахь Кадыровн а, цуьнан гонан а бахамаш YouTube-хула гайтарна байначу беттан хьалхарчу дийнахь Нохчийчохь лаьцначу Нуханов Исламан зудчунна, Кагалым гIалахь ехачу Мельник Еленина, кхерамаш туьйсу оьрсийн националисташа.


Маршо Радионо довзийтира, муха, хIун нисделла Нухановца цо «Муха веха Кадыров Рамзан а, цуьнан нийсархой а» цIейолу видео арахецча. Мехкан шахьарна юккъехь, массо а агIор хано лар а еш, лаьтта кадыровгIеран «Хьаьжи-Эвл» йовзийта воьллачу Нухановна йиттина, лаьцна полице а вигина. Дов айдина цунна, кисанахь ши патарма карийна аьлла. («Патармаш кисанахь а дохкуш» вахана иза полице, ша цига тIекхайкхича!)


Социалан машанашкахула баьржина Нухановца нисбелла бохам, хиина оьрсийн националисташна цуьнан зуда оьрси юйла. "ВКонтакте" чохь йолчу Мельник Еленин аккаунто къайлахьо агIо хьенан ю – делахь а, ник евзина царна, кхерамаш туьйсу Еленина.


«Бахьана ду Лена шен майра кIелхьарваккха гIерташ хьийзар, иза оьрси ю, стенна лоьцу цо нохчочун агIо, боху кхерамаш туьйсучара, бехкейо зуда нохчочуьнга мареяхарна, цунна бер дарна», - яздо хиламах лаьцна "Новая газетан" журналисто.


Мельник санначу зударша «оьрсийн къам кхачадо, цо славянийн сийна бIаьргаш болу цIий доьхкина цо», - боху «оьрсийн Iадаташ лардеш бакъ-керста дай-дедай бIешерашкахь эгначу» националисташа.


Дийцарехь, цхьана буса кхаьчна Еленига 100 сов и тайпа комментареш. Интернетехь цунна кхерамаш тийсарца а ца дирзина «дов» - кхаарийн Iуьйранна, 5 сахьт даьлча, Нухановн зуда шен шина бераца, Владикца а, Адамца а, чохь ехачу юкъарчу хIусамийн кор дохийна,  арара чу тIулг тоьхна.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus