Росгвардин куьйгалхочун гIовсо Меликовс дарж дуьтуш ду
Инарлийн Меликовн а, Милейкон а балхара дIавала лаар доьзна хила тарло цара Росгвардехь бечу белхан талламбарца кхоллаеллачу претензешца, яздо "Коммерсанто". Дийцарехь, Меликов Милейко Сергейна тIехIоьттина хилла, ткъа цунах гIуллакх ца хилча, цуьнца цхьана дарж охьадилла сацамбина.
ТIаьххьарчу шерашкахь дийцаредора Меликов Сергей Дагестанан куьйгалле хIоттош ву бохуш. Республикан урхалхо Васильев Владимир цомгуш хилла аьлла, информаци яьржича а хьехадора Меликов куьйгалле хIоттор ву бохуш.