SANA: Димашкъна а, Хомсна а ракеташ йиттина
Агенталлан хьосташа дийцарехь, Израилан тIеман кеманаша хецна хилла ракеташ. "Оха бинчу талламашца, Шемахь тохарш дале хьалха Израилан ВВС-н иттех сов кема хааделлера стиглахь", - Iорадаьккхина Бейрутан дуьненаюкъарчу аэропортехь "Новости" агенталлан хьостано.
Стигалкъекъа-беттан юьххьехь дуьйна хьал телхина догIу Шемахь. ГIаттамхоша масийттазза герзаш диттинера оьрсийн Хмеймим авиабазана. Цунна дуьхьал Оьрсийчоьнан а, Шеман а авиацино тохарш долийна Идлибан зонашкахь.