Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоI а, нуц а Оьрсийчоьнан делегацин декъехь бу климат хийцайаларца йоьзначу конференцехь – болам Дубайхь дIахьош бу. Оцу юкъанна, Кадыров Рамзанан гергарчара республикехь дIалецна даржаш цхьана а кепара климатан хеттаршца догIуш а дац.
Палестинера ца бевллачу денна схьакхелхинчу бахархойн тобанца хиллачу цхьанакхетарехь республикера информацин министро кхайкхамбина гулбеллачаьрга, Iедалхошка"шайн хеттарш листа сихо йайта ма гIерта" аьлла. Палестинера мухIажарш низамехь хила беза, цIано латтон йезаш хилар а диц ца деш, дIахьедина цо. Дудаевс бахарехь, республико хIинцале а тIелаьцна ГIаззера 170 мухIажар, "кхин а тIе уьш богIур бу" аьлла, тешна бу Iедалхой. ХЬАМАС-ца Израилан конфликт йолайелчхьана Нохчийчоьно тIелаьцна мухIажарийн ши тоба... Читать дальше...
ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь къепедацарш лелор бехктакхаман гIуллакхехула лецначеран терахь 130 сов даьлла - гIуран-беттан 3-чохь йукъараллин тергамчийн комиссин болчу хаамашца далийна терахь ду иза. Таллам къаьсташ дIахьуш бац бохуш кхетадо политолого Галлямов Iаббаза, цунна хетарехь, иза Кремлан политико могуьйтуш ду.
Шена кхайкхийна таIзар Мусаева Заремас токхучу Устрада-ГIалара колонин куьйгалло дехар дина, иза хенал а хьалха ара ма йалийта. Нохчийн оппозицин жигархойн-вежарийн ЯнгулбаевгIеран нана йу Мусаева. Иза бехкейина полисхочунна тIелатарна а, хьарамлонаш лелорна а. Бакъоларйархошна хетарехь, политикан бух болуш ду иза лацар. Колонира Мусаевах лаьцна кхеле амалш, башхалонаш билгалйоху кехат кхачарх хаамбина "Iазапашна дуьхьал Команда" тобано, цуьнан адвокатана Савин Александрна тIетовжарца. Документа тIехь билгалдоккху... Читать дальше...