Сочихь Товбеца-беттан 23-хь цхьана беттан йочанаш яьхкина, оцу бахьанца Бзугу хи дистина тIе даьллера. ГIалин урамашкахь чехка хинан ӏовраш гулъелира, цара машенаш дIатекхайора. Хууш ду, мел лахара а, еллачу цхьана зудчух. Меттигерчу бахархоша хиш тIе даларан бехкейо хинан канализаци.
Оьрсийчоьнан регионашлахь юккъерчу классан хIоттийначу рейтингехь Къилбаседа Кавказан йеа регионо дIалаьцна лахара могIанаш – аутсайдерш ю Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Дагестан. Юккъера класс бохург ду, рейтинг хIоттийначара бахарехь, машен а, петар а эца а, хIора шарахь садаIа баха а, доллу кредиташ текхначул тIаьхьа, шина регионехь хене бовла къастийна барам оцу стагана бисахь а. Оцу билгалонашца Нохчийчоь тIаьххьарчу меттигехь нисъелла таро йолу нах 1,5 процентан тIегIанехь болуш. Читать дальше...
Узбекистанан президентана Мирзиёев Шавкатана хохку ши дой белла совгIатна цуьнан 65-чу винчу денна лерина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ХIун мах бу оцу совгIатан хууш дац, амма хьалха талламчаша хаамбора: Кадыровн 128 езачех говр ю, цара, масех шерачохь декларацихь хьахийна доцу, бIе миллион соьмана пайда бина цунна аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Узбекистанан президентана совгIатна елла говраш муьлхачу хIух ю, билгалдаьккхина дац. Стохка Кадыровс шен йоIана, культурин министран даржехь йолчунна... Читать дальше...