Полисхочунна тIелеттера аьлла, бехкейинчу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран ненан Мусаева Заремин гIуллакх листа дуьхьалваьлла Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхелан суьдхо Горбовцов Дмитрий, хIунда аьлча, хьалхо Мусаеван хIусамда, кхелахо лаьттина Янгулбаев Сайди, цуьнан белхан накъост хилла, шаьшиъ "накъостийн а, белхан а юкъаметтигашца" вара аьлла. Оцу буха тIехь Горбовцовс гIуллакхна юкъараволуш кехат яздина, хаамбо "Iазапашна дуьхьалояран Комитето", Мусаеван интересаш йовзуьйтуш, Соьлжа-ГIалахь болх беш бара цуьнан адвокаташ. Читать дальше...
Нохчийчохь вайначу гIалгIайн таксхочун Арсаев Адаман а, Къилбаседа ХIирийчуьрчу цуьнан пассажиран Гаглоева Риммин а хьокъехь долийна бехктакхаман гIуллакх йист ца йолуш толлуш ду ГIалгIайчохь. Кху шеран Чиллан-беттан 6-чохь дуьйна зIене долуш дац и шиъ. Кавказ.Реалиино ма - яздарра, таксхочун болх беш хилла 43 шо долу Арсаев къайлавелира 57 шо долчу шен пассажирца Соьлжа-ГIаларчу аэропортера Беслане боьлхуш. Ши де даьлча Арсаевн машен кехаташца а, мобилан телефонашца а, зударийн бедарш чохь йолу... Читать дальше...