Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу спортан комплексо ("Ахмат Арена") 14 млн соьманна стадион ларъяран гIуллакхаш даран тендер хIоттийна. Билгалдаккха догIу, схьаэцар гIардаьккхина Зазадоккху-баттахь, ткъа бехкамашца а догIуш, стадион ларъяр долон дезаш дара кхоъ бутт хьалха. Тендеран техническан тIедилларехь дуьйцуш ду, 2022-чу шеран Дечкен-беттан 1-хь дуьйна ГIадужу-беттан 31 кхачалц "Ахмат Арена" ларъян дезарг ву 40 хадархо. Иштта дуьстича цхьанна хадархочун юккъера алапа баттахь 35 эзар соьме ца кхоччуш хуьлу. Читать дальше...
2004-чу шарахь Бесланерчу № 1 школехь теракт хиллачу хенахь букъсуртанна чов йина Къилбаседа ХIирийчуьра 43 шо долу яхархо Дучко Марина Грецера дIаяхалуш яц дарбан цIийнан хьалха декхар хиларна. Кхузахь 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь дуьйна ю иза, дарба дина яьлла иза хIинцале, цIа яхархьама кхузахь баьккхинчу тIаьххьарчу баттах ахча дIадала деза цуьнан. Дарбанах боьху мах дIабала цунна 15 эзар евро ца кхоччуш ахча деза (таханлерчу курсаца иза 1,5 миллион сом гергга ахча ду) – социалан машанашкахула Дучкос бендоцуш боцчу нахе орца дехна. Читать дальше...