Добавить новость
World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Февраль
2018

Новости за 10.02.2018

Radiomarsho.com 

Мисаран футболхой Соьлж-ГIалахь дIатарбарна дуьхьал бу бакъонашларъярхой

Оьрсийчохь 2018-чу шеран дуьненан футболан чемпионат йоьдуш Мисаран футболан тоба Соьлж-ГIалахь дIатаръян Дуьненаюкъарчу футболан федерацино бина сацам эргIада хIума ду аьлла, дIахьедар дина Human Rights Watch организацино. Бакъаонашларъярхоша кхайкхам бина ФИФА-н куьйгалхошка мисархошна кхин гIала лаха аьлла. Цунах лаьцна хаам бина AP агенталло. Human Rights Watch вовшахтохараллан директоро Бьюкенен Джейна дIахьедар дина, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана адамийн бакъонаш йохайо аьлла а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Космосан кема хилла Маск Илонан Tesla Roadster машенах

Маск Илонан Space X компанино Марсана тIе хьажийна Tesla Roadster машен юкъатоьхна, NASA HОRIZONS олучу космосан кеманийн базина. Цуьнан цIе хир ю хIинца Tesla Roadster/Starman. NASA-н Малхан Системан Динамика олу тоба ю цу базана Iуналла деш. NASA HОRIZONS базина иза юкъатухуш дIаяздина Tesla Roadster-ан тIехь ю скафандар йоьхна манекен а, Азимов Айзекан "Бух" цIе йолчу книган электронан вариант а, SpaceX компанин 6 эзар белхахочуьнан цIераш тIехь йолу у а аьлла. Кеманан йоьзалла ю 1250 кила.... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровн тIаьххьара сурт зорбане даьккхина historyinorbit портало

"ХIара тIаьххьа хиларца девзаш долу сурташ инзаре ду" (These Last Known Historical Photos Are Eerie) аьлла цIе а йолуш, девзаш долу адамаш кхалха йисина дукха кIезиг хан а йолуш, даьккхина 39 сурт зорбане даккхина евзаш йолчу Iамеркерчу historyinorbit портало.    Царна юкъахь 13-чу меттехь лаьтташ ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дийна волуш тIеххьара даьккхина сурт. "Нохчийн президент Кадыров Ахмад, эккхийтар а дина валале. Бомба эккхийтира 2004-чу шарахь 9-чу майхь, ШолгIа Дуьненерчу тIамехь толам баккхарна хьажийна парад дIайоьдуш а йолуш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мемориал: Нехан долахь йолу хIусамаш дIахьокхур ю Куршлойн-эвлахь

Нохчийчуьра Iедалш дагахь ду Куршлойн-эвлахь долахь долу 37 цIа дIахьакха. Царна юкъахь ду "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан цIа а, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо, "Мемориал" центран тIе а тевжаш. Бакъонашларъярхойн вовшахтохаралло арахецначу пресс-релизехь дуьйцуш ду, бахархошна шайн хIусамаш йохор ю хиина хиларх лаьцна Чиллан-беттан 5-чу дийнахь, администрацин векалша шаьш маьждиг долчу гуламе кхайкхича. Iедалан векалша хаам бина нехан хIусамийн метта махбаран центр хйийр йолуш ю... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Роскомнадзоро варе йина "Радио Свобода"

Маршо Радион оьрсийн сервисе кехат даийтина Оьрсийчоьнан Роскомнадзоро Чиллан-беттан 9-чу сарахь. Цу тIехь дуьйцуш ду Коррупцица къийсам латтон фондан куьйгалхочо Навальный Алексейс дийцинарг тIехь долчу материалехь Оьрсийчохь баржо магийна боцу хаамаш хиларх лаьцна. Буьйцург бу Навальныйс бизнесменах Дерипаска Олегах а, Оьрсийчоьнан вице-премьерах Приходько Сергейх а лаьцна бина таллам. Билггала муьлха хаамаш бу Оьрсийчохь баржо ца магийнарш дуьйцуш дац Роскомнадзоран кехатехь. "Медиазона" зорбанан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилба Корейн президент цхьаьнакхетта Ким Чен Ынан йишица

Къилба Корейн президент Мун Чжэ Ин Чиллан-беттан 10-чу дийнахь Сеулехь цхьаьнакхетта Къилбаседа Корейн делегацица. Цунна юкъахь ю Къибаседа Корейн лидеран Ким Чен Ынан йиша Ким Ё Чжон. ХIума а кхоллуш, цхьаьнакхетар хилла президентан резиденцехь. Исторехь дуьххьара Къилба Корейн лидеро тIеэцна КНДР-н куьйгалхочуьнан доьзалхо. Къилбаседа Корейн делегацина юкъахь ву формалан кепара КНДР-н куьйгалхо лоруш волу 90 шаре ваьлла Ким Ён Нам. Иза ву Къилбаседа Корейн Лаккхарчу халкъан гуламан гIаьнтда. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Израилан тIеман кема чудаийтина Шемахь

Израиалан тIеман кема чудаийтина Шоьтан Iуьйранна, Шеман ПВО-но ракета тоьхна. F-16 охьадоьжна Израилан территори тIехь. Цунах лаьцна хаам бина цу пачхьалкхан Армин векло. Цо дийцарехь, пилоташ кIелхьарбевлла.


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus