Сте талхийна нохчийн имидж?
Европехь уггаре а вочу агIор дуьйцучу къаьмнашлахь цхьаъ хилла дIахIоьттина нохчийн къам. Иза стенца доьзна ду ца кхета шаьш нохчий. Дозанал арахь бехачу нохчашкара цунах доьзна хеттарш Маршо Радионе кест-кеста кхочу. Мел бакъдолчунна тIехь кхолладелла ду и нохчийн негативе васт? "Кхераме Абу" лор оьшуш волчух тера вара КIирнашкахь дийцира Австрерчу хаамийн гIирсаша цхьана 17 шо кхаьчначу Абу цIе йолчу нохчочо Австрин интеграцин а, арахьарчу гIуллакхийн а министрна Курц Себастьянна Фейсбукехула кхерамаш тийсарх лаьцна. Читать дальше...