Халкъан куьйга говзанчийн гайтам дIабаьхьира Соьлж-ГIалахь
Соьлж-ГIалин юккъерчу журналистийн скверехь дIабаьхьанчу куьйга говзанчийн гайтаме шортта говзанчаш баьхкинера, шайн похIма нахана шуьйрра довзийта. Лаам болчун хIума йохка аьтто а бара, амма соьман тIаьхьабевлла нах боцийла гуш дара цара шайн белхех дош олуш. Дечиг а, Iадхьокху а пондарш а, суьрташ а, дечигах йина пхьегIаш а, детех йина хIуманаш а, иштта кхин дIа а. Истангаш деш волу Исаев Султан жима стаг ву. Вуно чIогIа хаза а, дика а ду цуьнан белхаш. Маршо радионна цо йовзийтира ша лелочунна цхьацца агIонаш. Читать дальше...