Кхузткъе диъ шо дуьзна халкъан яздархочун Абдулаев Лечин
Хеттаршка вуьйлучех, заманан йохаллехь адамана хIетал-метал хилла схьадеънарг, хьуламехь мел лаьттинарг гайта а гIерташ,чолхечу хеттаршна жоьпаш лоьхучех ву Абдулаев Лечин синхааман турпалхо. «Лазийний? Лазийна,хьаха. Къарьеллий? Дера ца елла! Луъураш дуьйцийла наха,- Нохчийчоь яла ца елла». Абдулаев Леча юххера вовза а вевзаш, дукха дешан говзанчаш бу шайн аьллар хилча и байт шайн дола йоккхур йолуш а,еккъа и цхьа байт Леча веза-воккха байтанча лара тоаме хеташ а. Читать дальше...