Да-нана, гергарнаш буй хьакъ, шайн стагера даьллачух жоп дала?
Низамашка диллича, цхьана а хIуманна бехкебоцу оцу тIелатаршкахь беллачийн нах полицин декъахь латточу муьрехь, муфитиято а, юкъаралло а гуламаш дIабаьхьира уьш бехачу ярташкахь, гIаланашкахь.
Цара кхайкхамбира бахархошка, зуламхойн гергарнаш, тайп-тукхамера нах махкахбахаре.
Кхаарийдийнахь Iедалан бIаьрг тIе хIоьттина, юкъаберзийна 2006-чу шарахь дIакхелхинчу тIемалойн хьалханчан Мускиев Iийсанан гергара нах.
Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь, веллачу Мускиевн гергарнаш махкахь юха а цIий Iано кечамбеш хилла.
Шуна хIун аьлла хета, бехк буй ден-ненан доьзалхо церан лаамера ваьлча?
КIантера, йоIера вониг даьлча, такха дезий таIзар церан гергарчара а, тайпа-тукхамо а?