Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Къам махкахдаьккхина де дагалаца кечлуш бу Малхбузера нохчий

 




 


Нохчийн къам дохийна махкахдаьккхина де дагалоцуш цхьамогIа цхьаьнакхетарш дIадахьа кечлуш бу Европера нохчий. ГIура-беттан 23-чохь Австрин шахьарерчу уггаре а хазчех гIишлонна чохь дIахьур ю нохчийн бохорна лерина конференци. Венин 5-чу кIоштан урхаллин кхерчахь хир ю иза.


Цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хир бу Австрера Къилбаседа Кавказах болу Iилманчаш. Цул совнаха, политикаш а, юкъараллин жигархой а хир бу цигахь. Дагалацаман суьйренна модераци еш Нохчийчоьнах лаьцна масех киншкин автор йолу Шолль Сюзанне хир ю. Нохчийн къам дIадохарехь Германин а, Австрин а хIетахьлерчу ролах лаьцна дуьйцур ду политолого Шмидингер Томасас.  


Австрехь дина а, кхуьуш долчу нохчийн бераша шайн доьзалш дIабохоран  истореш юьйцу исбаьхьаллин проект  юьллур ю гулбеллачийн кхеле. Цул совнаха, нохчий дIабохийначул тIаьхьа чартех некъаш а, гIишлош а йина хиларх лаьцна а рапорт хир ю конференцехь. 


И цхьаьнатохар кечдеш ерг Венера ши нохчийн юкъаралла ю. "Австрера нохчийн наной» а, "Ичкерия" цхьаьнакхетаралла а ю уьш. Австрихойн дийна цхьа  белхан тоба ю нохчийн бохамн де дагалацар кечдеш гIодеш. „Венера берийн адвокаталла“ а, университетан белхахой а, бевзаш болу журналисташ а бу цу белхан тобанехь вовшахкхетта. Ткъа суьйре дIайолош йистхир ю кIоштан куьйгалхо магистр Шефер-Виери. 


Францера нохчийн  а бу дIадохоран де дагалаца кечамаш беш. Ниццерчу нохчийн-гIалгIайн ассоциацин куьйгалхо Магомадов Рамзанс вовшахтоьхначу тобано оцу бохамехь кхелхинарш дагалоцуш митинг дIахьур ю.  


Магомадовс дуьйцу: "Кхузахь баккхийчарна хьалха ваьллачу Гулаевца а, кхечаьрца а гулам а бина, тIеэцна сацам бу оха и де дагалаца. Вайн Iалашо 1944-чу шарахь нохчийн, гIалгIайн къаьмнаш дIадохор дагалацар ду.  СагIа а доккхуш, вайн беллачарна доIанаш а деш. Вайн тIаьхьадогIучу чкъурана иза дIадовзийта  лаьа вайна. Сталинс а, цуьнан накъосташа а вайн къомана тIехь дина таIзар кегийчарна диц ца далийтар ю вайн коьрта Iалашо".


Иштта Францерчу  Нант гIалахь беха вайнах а бу депортацин де дагалаца кечлуш. "Маршо“ цIе йолчу ассоциацино ГIура-беттан 25-чохь кхойкху махкахой къоман бохаман де дийцаре дечу суьйрене. Депортацех лаьцна филм а, къам дохорах лаьцна берийн дийцарш а ду цхьаьнакхетаран программехь. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus