Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Шемара шен эскарш арадаха дагахь ю Iамерка

Шемара шайн эскарш арадохуш ду аьлла, официалехь дIакхайкхийна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа. КIайчу цIийнан векало Сандерс Сарас бина и хаам. Рейтерс агенталло яздарца, Iамеркан пачхьалкхан департаментан белхахой цхьана дйинахь арабохур болуш бу Шемара. Ишта агенталлан информацица, 60 дийнера 100 дийне кхачале  арадохур долуш ду Вашингтоно шен эскарш.


Ши эзар сов Iамеркан салти вара оцу регионехь латтош. Твиттерерчу шен пена тIехь президенто Трамп Доналда яздина, Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна тIехь Iамеркан тIемалоша толам баьккхина аьлла.



Республикан партин сенаторо Грэм Линдсис емалбина Трампан сацам. Твиттерехь цо билгалдаьккхина, Iамеркан эскарш Шемара арадахахь, толам жихIадхошкахь а, ГIажарийчоьнехь а, Шеман президентехь Асад Башарехь а  буьсу аьлла. Трампа бинчу сацамах Сенатехь ладегIарш хила деза аьлла цо.
Цхьаболчу сенаторша-республиканхоша Трампан даIишхошна тIехь толам баьккхина бохург бакъ дац аьлла.
Iамеркан зорбанаша дийцарехь, Шемара эскарш арадохуш дина хьесап емалдо ишта Пентагоно а, Iамеркан пачхьалкхан департаменто а.
Iамеркан тIемалой Шемара арабевлча хIутту долчу хьолано сагатдо Израилан премьер-министро Нетаньяху Биньямина. Пачхьалкхан департаментан куьйгалхочуьнца Помпео Майкца дийцарш дIадаьхьна цо хIоьттинчу хьолах лаьцна. Регионерчу ситуцина тIеIаткъам бан кхи кепаш а ю Iамеркан аьлла цо.
Адамийн бакъонаш ларъярехь  мониторинг латточу Шеман центро хаамбо, Шемарчу демократин оппозицино Трампа тIеэцна сацам "букък юккъе тохар дар" ду аьлла.
ГIажарийчоьно шен эскарш чуьра арадаххалц, Iамеркан ницкъаш латтор бу Шемахь аьлла, дIахьединера гурахь Трампан къоман кхерамзаллехула волчу хьехамчас Болтон Джона.


2014-чу шарахь болийна, Iамерка коьртехь а йолуш, дуьненаюкъарчу коалицино Шемарчу радикалан исламхошца тIом. Шемарчу демократин оппозица бара уьш.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.


Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus