Росгвардино Несарахь вийна Хашагульгов дIавоьллина Слепцовскехь
"ФортангаORG" сайто яздарехь, Хашагульгов хехо болх беш вара "Ковчег" махбаран центрехь, юрист санна иза мехаза гIо деш вара меттигерчу бахархошна. Цуьнан дас Хашагульгов ТахIира дIахьедар дина, шен кIант политикана юкъагIерташ а вацара, цунна цхьаммо а кхерамаш а ца тийсинера аьлла, яздо Кавказский узело.
ГIалгIайчоьнан Кхерамазаллин Кхеташонан секретаро Дзейтов Ахьмада бинчу хаамца, Росгвардин эскархоша Несарахь вийна шолгIаниг ву 1994-чу шарахь вина Ханиев фамили йолу жима стаг.
ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека омра дина, вийначу шина стеган гергара нах юкъа а озош, хилларг къастаде аьлла. Цо иштта Кхерамазаллин Кхеташо декхарелахь йина вийначу шина стеган декъий гергарчаьрга дIадала.