Нохчийчохь тIемаш бинчу стагна ворхI шо хан тоьхна
Кхелан сацамо тIечIагIдарехь, вийнарг цхьана хенахь кхуьнан ненан майра лаьттина ву. ХIетахь цуьнан ненах кест-кеста леташ хилла цIийнда. Эххар а иза дIа а тесна, дIавахана. Шераш девллачул тIахьа кIанта жоп дехна шен нанна тIехь бинчу ницкъах. Вийначун коьртах, дегIах 133-зза мийр а, буйнаш диттира ша аьлла, дIахьедина цо кхелехь. Иза веллий билггал хиинчул тIаьхьа, полицин каравахна ша.