Джемалан а, Радченкон а, Расторгуевн а декъий Оьрсийчу кхачор ду Марсхьокху-беттан 4-хь
Оьрсийчуьрчу журналистийн тобанна тIелатар даран бахьанаш дуьйцуш, Коняхина билгалдаьккхина, хьалха хьахийна верси коьрта юьсуш ю аьлла. Интерфаксан хьастано хьалхо дIахьедар динера, Джемал а, цуьнан шина накъост а вийна хIуманаш а, ахча а дIадаккха гIоьртинчу талорхоша аьлла.
Журналисташ байина хилар тIечIагIдина цу Юккъерчу Африкин Республикерчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан миссино. Журналисташ совцийна хилла герзашца хиллачу наха цхьана блокпостехь Товбеца-беттан 30-чу дийнахь.
Уьш хилла Юккъерчу Африкин Республикехь "Вагнеран ЧВК" олучу долахь йолчу тIеман компанех лаьцна документалан филм йоккхуш.