WhatsApp-хула зIенехь ву Соьлж-ГIалан мэр
Цу хьокъехь хаам бина шен Mylistory агIонехь мэро Хучиев Муслима, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Цо дийцарехь, Соьлж-ГIаларчу бахархойн аьтто хир бу WhatsApp-хь шайна ца тайначух лаьцна хаам бан. Латкъамчо йитинчу телефонехула кхачамбацар дIадаккхар Iалашонца цуьнца зIене бевр бу мэрин белхахой.
Хучиевс адрес а дитина, луучунна WhatsApp-хь шаьш кхоьллинчу тобанах дIакхета аьтто луш йолу. https://goo.gl/vc3zwz
Цу тобанна юкъахь ву цкъачунна 200 стаг.