Мангал-беттан 2-чохь дуьхьалонан акци вовшахтоьхнарш лецна Несарахь
Муцольговс дийцарехь, юкъараллан жигархой Ужахов Малсаг а, Богатырев Батыр а, Газгиреев Мухтар а латтош ву Несарарчу полицин декъехь. Полисхоша лоьхуш ву кхин а лаххара а 4 стаг.
Магасехь хиллчу митинге гулбеллачу наха доьхург дара республикан куьйгалхо бахархошка харжийтар. Дуьхьалонан акцин декъашхой гулбеллера Магасехь дечу маьждигана уллехь. Жимма хан яьлча, уьш бахара парламентан гIишлонна хьалха.