ДаIишхошца уьйраш хиллачу гIалгIачунна 15 шо хан кхайкхийна
"2016-чу шарахь хьалханча вийначул тIаьхьа Шема дIаваха гIоьртина хилла иза дуьненаюкъарчу террорхойн организацех дIакхета лаамца. Оццу шеран гурахь къайлахчу сервисаша лаьцнера Абадиев герзаца цо дуьхьало ечу заманчохь", аьлла, дийцина ГIалгIайчоьнан ФСБ-но "Интерфакс" агенталле.
Бакъо йоцуш герз лелор а, террорхойн тобанехь латтар а тидаме а эцна, набахтехь даккха 15 шо хан тоьхна Абадиевна.
ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зерашца, Шемахь тIом болабелчхьана республикера 200 вахархо дIакхетта "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах.