Немцов Борис верна чувоьллина 5 нохчи бехке вац, боху Кадыровс
Кадыровс дийцарехь, цунна бевзаш бара чубоьхкинарш, цаьрца цхьана Бенахь тIеман операцехь дакъалаьцна вара иза. Бехкенаш кхечу меттехь леха беза, аьлла хета Нохчийчоьнан куьйгалхочунна.
Титиевх лаьцна жоп луш, Кадыровс аьлла, шена цу тайпа бакъонашларъярхо вуьйцуш а ца хезна аьлла. Ткъа Бакаев Зелимха цIера ведда аьлла цо, доьзалехь дов а даьлла.
«Новая газето» респуликехь, кхел а, таллам а ца беш, нах байина бахар а, гейш хьийзош бу бахар а, ахча даккха дIахьош йолу кампани ю аьлла хета Кадыровна.