Венерчу кхелахоша гечдина нохчийн мухIажиршна
Иштта Венерчу кхелехь цунна бехке дуьллу полисхойн машенан неI йиллина, цу чуьра Iедалхойн машенан лоьмарш лачкъор а, дискотекин кораш кегдар а, ша санна болчу австрийхойн кхиазхойх латар а, кхерамаш тасарца цаьргара хIумнаш схьаяхар а.
И дерриге а лелоран бахьана, ша цу муьрехь дукха къаьркъа мийлина хиларца кхетийра кхелахочунна кхиазхочо, шена дукхахдерг дага а ца догIу аьлла, чIагI а деш.
Иза жима хилар а, цул хьалха кхин вочу хIуманна тIехь гучуваьлла ца хилар а тидаме а эцна, арахь яккха ялх бутт хан а тоьхна, дIахийцира иза кхелахочо, айхьа динчу гIалатех Iамалахь, кхин во а ца лелаш яьлла.
Цуьнца цхьаьна кхеле озийна хилла цуьнан накъост бехках мукъаваьккхира.