ДIаваьлла Дуисехь чевнаш йина волу Мачаликашвили Темирлан
Лоьро дийцарехь, Мачаликашвили велла тахана, кхаарин дийнахь, Iуьйранна.
19 шо долчу Мачаликашвили Темирланна герз тоьхнера коьртах а, белшах а пачхьалкхан кхерамазаллин сервсисан белхахоша Паьнгаза чIожехь леррина операци дIахьош. Ши кIира гергга хан яьккхира цо кхетамчу ца вогIуш.