Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчуьра 104 шо долу йоккха стаг карийна Азербайджанехь

Азербайджанан Гедабекан кIоштахь шелонехь карийна Нохчийчуьра 104 шо долу йоккха стаг, Бакурчу цхьана тIеоьцийле ялийна. Йоккхачу стагна гIо динчу Təmiz Dünya» юкъаралло баржийна и хаам.


1914-чу шарера йолу Алиева Мадина Гедабекан кIоштарчу полисхошна карийна, гIора а йина урамехь. Цара медицинан гIо а кхачийна, йовха бедарш а елла, цул тIаьхьа «Təmiz Dünya» цIе йолчу юкъаралло доладечу гIо эшна нах дIатарбечу тIеоьцийле кхачийна.


Болчу хаамашца, паспорт тIерачу хенаца иза дуьненчу яьлла 1914-чу шарахь. Оьрсийчоьнан яхархо а ю иза, яхар Нохчийчохь ду, амма маьршша буьйцу цо азербайджанхойн мотт.


Цо дийцарехь,  нана нохчо, да Iарбо хилла цуьнан. Меккахь йина ю иза. Цул тIаьхьа нанас Нохчийчу дIайигира ша аьлла, цигара депортаци а хьовсийра шаьш. Мадинин 15 шо дуьзча маре елла иза, доьзал бац цуьнан. ЦIийнда кхелхинчул тIаьхьа йохка-эцар лелийна цо, Азербайджанера Нохчийчу а оьхуш. Иштта Iамийна цо шена церан мотт а.


Алиевас бахарехь, ахча гулдина хилла цо Кербела зиярте яха. Новкъахь шина зудчо Iеха а йина, кхуьнгара 200 долларшкахь ахча а, дашо лергаухкурш а лачкъийна, Мадина Гедабеке а ялийна, охьатесна.


Карарчу хенахь Бакухь ю йоккха стаг. Лела хала а ду цунна, шегга юург а ца яало, амма хIетте а шен хIусаме, Нохчийчу юхаяха лаам бу цуьнан.


Гергарчу деношкахь Нохчийчу иза дIакхето тарло.


 


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus