"Мекх-Кхелан" YouTube-канал яьстина Кадыровга кхайкхам бинчул тIаьхьа
ГIалгIайн "Мекх-Кхел" юкъараллин организацино дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане кхайкхам шаьш бинчул тIаьхьа шайн YouTube-канал ястарх. Шена дохку бехкаш вовшахтохий, уьш довзийта аьлла, Кадыровс кхо де хан еллачул тIаьхьа, "Мехк-кхелан" куьйгалхочо Султыгов Сараждина кхаа тайпа бехк баьккхира цуьнгара. Султыговс дIаяздинчу къамелан видеона тIекхочийла дац, каналерчу кхечу роликашна а санна. "Соьга телефонаш еттара, каналера видеога хьажа аьтто бац бохуш. Канал яьстина хилла, видеош дIа а йохуш. Читать дальше...