ЭрдохIан: Туркойчоьно къоман валютехь мах бан болор бу Оьрсийчоьнца а, Китайца а, Украиница а
Кхушара туркойн лира дайделла 40 процентана. Цуьнан курс охьаялар доьзна ду Тукойчоьно духкучу болатна а, алюминийна а Iамерко кхайкхийна ял ялар шозза алсамдаккхарца.
Вашингтонан а, Хонкъаран а юкъаметтигаш йоьхна Iамеркера пастор Брансон Эндрю лацарца дов эккхарна.
Брансон Туркойчохь веха 20 сов шо ду. 2016-чу шарахь иза лецира полицино, махкахь Iедал карчо гIортарца доьзна гIуллакх толлуш. Нагахь пастор бехке ларахь, иза чувуллур ву, 35 шо хан а тоьхна.
Вашингтон шен махкахо цIаверзо гIерташ ю.