Трамп «сацо веза» аьлла, кхайкхам бина Нохчийчуьрчу депутаташа
Даудовс дийцарехь, цу тайпа депутаташа кхайкхам баран бахьана ду, Кадыров Рамзана хьалхо Iамерка тIом боккхуш ю аьлла, дина дIахьедар. Иза динера Нохчийчоьнан куьйгалхочо, Iамерко шен махкахой баха кхераме йолчу пачхьалкхашна Оьрсийчоь юкъатохарна.
Цхьаьнатоьхначу Штаташа «Магнитскийн цIейозана» юкъатоьхна Даудов Мохьмад 2014-чу шарахь, яздо «АиФ» газето.