Нухажиев: Кадыров "Магнитскийн тептаре" ваккхар - абсурд ю
"Кхел йоцуш нах байар, адамашкахь Iазап латтор, кхечу кепара адамийн бакъонаш хьешар, Кадыровн жоьпаллехь ду бохург юридикан абсурд ю. Оцу дIахьедаршца Штаташа шаьш йохош ю коьрта принип – бехкецахиларан презумпци. Бух боцуш, тоьшаллаш ца далош, Нохчийчоьнан территори тIехь адамийн бакъонаш ларъеш яц бохуш", - аьлла Нухажиевс,
Хьалхо, ша "Магнитскийн тептаре" ваьккхинийла хиинчу Кадыровс бегашенна санна аьллера: "Набаран суй кхетар бац суна тховса. Наб кхоьтуьйтучу молханаша дан дарба а дац"".
Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонийн организацеша дуккха а шерашкахь дуьйцура, Нохчийчохь Кадыровс адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх, Оьрсийчоьнан Iедалша тIе а хIуьттуш, и харцонаш къайлахьош хиларх а.
Кхаарийдийнахь Iамеркан финансийн министралло пхи Оьрсийчоьнан вахархо, шайлахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзана а волуш, "Магнитскийн тептаре" бехира.
Устрада-ГIалин полисхойн декъан куьйгалхо Катаев Аюб а язвина оцу тептаре, гейшна тIехь Iазап латторна, бехке а веш.