Кхо шо долу йоI Соьлж-ГIала кхачийна Иракъера
28 берца 13 зуда карийнера Иракъерчу куьпахь. Царех цхьа зуда Нохчийчуьра орамаш долуш хиллера, дукхахболу зударий а, бераш а Дагестанера.
"Шина кIантах ваьллера со, амма берийн бераш схьакхачийна суна", - аьлла, воккхаверца йоьIан дедас, яздо "Кавказан узел" агенталло.
Цо бахарехь, воккхахволчу кIентан йоьIарий кху аьхка цIа балийнера цуьнан.