Тутмакхаш шаьш бехачу меттигашкарчу колонешка хьежор бу Оьрсийчохь
Чубоьхкина нах шаьш бехачу меттигашна гергарчу колонешка хьежо беза аьлла хета Оьрсийчуьрчу юстицин министраллана. Цу хьокъехь оьшуш долу низам кечдеш ю и хьукмат. Цу белхан юкъахь дакъалоцуш ю Оьрсийчоьнан омбусмен Москалькова Татьяна.
Шайн гергарнаш ган юккъера алапа долчу нехан а аьтто бац Москохара Архангельске я Нохчийчуьра Красноярскан махка баха, аьлла дIахьедар динера Москальковас хьалхо.
Цу кепара адамашна юкъара зIенаш хеда, цара вовшашна сагатдеш хоьгу бала ца бийцича а, бохуш яра омбудсмен.