Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 7 стаг, цомгуш хилла – 574
![Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 7 стаг, цомгуш хилла – 574](https://gdb.rferl.org/DC2B4FAF-F466-4E89-94F1-D52F553FC70C_w800_h450.jpg)
7 стаг кхелхина, 574 цомгуш хилла коронавирусах дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь.
Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а велла кхоккха вахархо, ГIебарта-Балкхаройчохь – цхьаъ.
Юьхьанца дуьйна уьнах регионехь велла 674 стаг.
Уггаре дукха цомгуш хилларш бу коронавирусах дийнахь-буса Ставропол-махкахь – 137 стаг.
Ставропол-мохк + 137 (4155 юьхьанца схьа)
Кхарачой-Чергазийчоь + 94 (2639)
Дагестан + 88 (7015)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 76 (4285)
Краснодар-мохк + 64 (5316)
Адыгей + 38 (1484)
ГIалгIайчоь + 30 (2755)
Къилбаседа ХIирийчоь + 30 (3706)
Нохчийчоь + 17 (1560)
Верриг а ун кхеттарг ву Къилбаседа Кавказехь 32915 стаг. Оьрсийчохь и терахь ду Оперативан штабо бахарехь, 569 063.