Навальныйс Iораяьккхина шахьар хьенан ю дийца реза ца хилла Кремль
Карладоккху, оршотан дийнахь Путина дIахьедира: "Сан долахь ю аьлла, билгаляьккхина цхьа а гIишло, йа сан а яц, йа сан гергарчийн а яц, йа цкъа а хилла а яц" аьлла.
Аргумент ялош элира цо, хIокху иттех шерачохь цхьа кехат мукъна а диса дезарий, оцу гIишлонан долахо со, йа сан доьзалхо хиларх.
Шинарин дийнахь Песков Дмитрий кхин цкъа а тешон гIоьртира, президентан гIуллакх долуш шахьар яц иза аьлла.
"Фондо бинчу талламехь чIагIдо, Путинан гIишло ю иза, Путинна лерина йоьгIна ю бохуш, цундела со кхузахь тIе ца тов. Путина ша а делла цунах жоп, шена цахиларал совнах, цо дIахьедина, и шахьара йа шен гергарчийн а яц аьлла", - боху Песковс “Ъ FM” гIирсан хаттарна жоп луш.
Хила тарло, боху Песковс, и шахьар "совдегарийн долахь. "Билггал йоккха объект ю иза, Геленджикехь дика евзаш а ю иза. Цхьа долахо хила куц ду цуьнан, тарло масех хила а. Кремлан цхьана а кепара бакъо яц церан цIераш Iораяха, яьхча гIиллакхехь а дацара", - аьлла Песковс.
Коррупцица къийсам латточу Фондо бинчу талламехь юьйцу 100 миллиард соьмах йина, Геленджике дIакхоччучу меттигера "Путинан шахьар". Фондо чIагIдарца, Путин Владимирна аьлла, хьалайина ю и объект.
Оьрсийн маттахь йолчу YouTube агIонехь карарчу беттан 26-чохь 91 миллион стаг хьаьжна оцу талламан видеога.