Добавить новость

«То в ладоши хлопну, то игрушку покажу» Как лучший грумер Сибири придает стиль хвостам, усам и лапам

Начальник Главного управления Росгвардии по Московской области полковник полиции Пётр Зоров обратился к ветеранам региональной общественной организации войск правопорядка

Охранники Wildberries избили порезавшего в Шушарах их коллегу мигранта

Творческая мастерская ко Дню матери в ТРЦ «Нора»

World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Динехь магийна дац и". Зударшна тIехь гIело латтораш муха бехказа боху Кавказехь

"Къиза дин" ду бохуш цхьа стереотип йу исламна гонах – зударийн хьокъехь а цхьана. Цкъацкъа оцу кепара ойла йовзуьйту динан дайша а: цуьнан тоьшалла до, масала, ГIезалойчуьра имамах Камаев Тимурах лаьцначу дийцаро а. "ТаIзар деш" муха нийса йетта йеза зударшна дийцира цо. Зударшна тIехь гIело латтор "дино магош ду" бохуш, дукха хьолахь и бакъдан хьийза Къилбаседа Кавказехь. Амма, ма-дарра дийцича, исламо ца боху зудчунна тIехь ницкъбе, чIагIдо тхан редакцино хеттарш динчу Iеламнаха а, историкаша а.


Исламан коьрта ши бакъо йу: КъорIан а, пайхамаран Мухьаммадан масал а. Цуьнан къаьсттина кIорггера кхетам хилла, шен дахарехь КъорIанан йоза даржош хилла цо, бохура шен це йаккха ца хIоьттинчу Оьрсийчоьнан историко, йуьххьера исламан эксперто.


Цигара схьайогIуш йу КъорIанах кхеторан ши кеп. Хьалхарниг – оцу чулацамехь дерг – цо бакъо ло кеп-кепарчу дакъошна вовшех кхетон. ШолгIа кеп йу пайхамаран масалан буха тIехь КъорIанах кхетор. Оцу шина кепах пайда а оьцуш, ган йиш йу, ма-дарра аьлча, исламо билггала йемал деш хилар хIусамехь ницкъбар, билгалдоккху къамелдечо.


Пайхамаран дахарна тIера дIа лара долийча, тидам банза ца дуьсу VII-чу бIешерашкахь Аравехь зударий мел а чохь сецош хилла хилар, боху историко. Делахь а ислам чукхаьчча зударшца йолу йукъаметтиг мел а хийцайелира: доллу адамаш цхьана сих схьадевлла ду бохучу идейно билгалдоккху церан бакъонаш цхьаъ хилар. "Ан-Ниса" сурехь (4:1) аьлла ду: "ХIай нах, цхьана сих шаьш кхоьллинчу, цул тIаьхьа дуккха а божаршка а, зударшка а декъначу АллахIах кхоьруш хилалаш".


Оцу бIешерийн хиллачуьнца а гуш ду Пайхамара къуьйсуш хилла зударийн бакъонашкахьа, хIусамда кхелхича, цунах бисина бахам цунна битийта, цуьнан дола дайта, цул тIаьхьа а цунна маре йаха бакъо хилийта. Динан эксперто билгалдаккхарехь, Пайхамаро, Iилманца а догIуш, дихкина хилла ислам чу кхачале хьалха Аравихь шуьйра даьржина хилларг. Масала, зудабер дуьненчу даьлча иза дуьйш хилар.


"Къовсаме" аят

Доьзалехь ницкъбар магийна хIума ду бохуш, чIагIдан хьийзар цхьана аятан, цхьана КъорIанера байтан (4:34), буха тIера схьа ду, боху Iеламчас, Страсбургера маьждиган хиллачу имамо Албаков Шемала, цуьнан кхетамах лаьцна дуккха а къийсамаш хилар билгалдоккхуш.


Нагахь санна, зудчо хьаштдоцург лелор ду аьлла, хIусамден кхерам хилахь, иза кхаа кепехула чекхвала везаш ву и дов ца хилийта. Цкъа делахь, хьехаршца иза ларъйан йеза цо. Цунах а гIуллакх ца хилахь, цуьнца цхьана вижа ца веза иза, ша цунна реза цахилар дIахоуьйтуш. Цунах а пайда ца хилахь, тIаьххьара гIулч йуьсу цунна - йеттар.




И аят дуьххьара дешначул тӀаьхьа, зудчунна тӀехь ницкъ бар мегаш долу хIума санна хетар бахьана долуш, дуккха а нах реза боцуш хуьлу, бохуш кхин дӀа а дуьйцу Албаковс. И бахьана долуш динан Ӏилманчаша кхайкхам бо Къоръан ша-шех дозуш доцуш тидарх - цунах кхета говзанчаша тидар оьшу.


Амма оцу аято йетта магош ду бахахь а, кхеташ хила деза, КъорIанан аяташ – уьш йукъара директиваш хиларх, кхин дIа а шен къамел дира цо: "ХIаъ, цхьана аятехь аьлла ду, зударшна йетта мегар ду. Амма массо а хьадисашкахь ишта йаздина дац. Цо а билгалдоккху, оцу муьрехь, зударийн бакъонаш лоруш йоцчу хенахь, исламах бакъонан революци хиларх. Зударшка ларам хилийта, церан бакъонаш Iалашъйе боху Делах тешачу нахе КъорIано. Цу заманахь аьтто бацара и дерриг а лело, амма АллахIа хьехам битина: муьлхха а гIело ца йан хьовсалаш бохуш".


Зудчунна а, майрчунна а йукъахь тIех дика йукъаметигаш хила йеза бохуш, дийцаредечу кIезигчу аяташлахь, рогIерниг билгалдоккху Албаковс: "Цуьнан билгалонех ду - Цо шуна йукъахь зударий кхоллар, шун цаьрца синтем хилийта, шуна йукъахь безам а, къинхетам а дӀахӀоттийна хилар" [Къуръан 30:21].


Массо а бусалба наха лело дезачу Пайхамаран масалх дерг аьлча, цуьнан хIусамнанас схьадеана хьадис ду, цу тIехь боху: "АллахӀан Элчано – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – цхьана а лайна а, зудчунна а тоьхна йац, цкъа а цхьанна а тоьхна йац со шен куьйга".


Ислам дац, а "оьздангалла" йу

Доьзалехь ницкъ барца йоьзна проблема йеккъа цхьана динан тидарехь хилла ца Ӏа, комментари йо Къилбаседа Кавказ толлучу социолога, шен цӀе йовзийта ца лиира цунна: "Оцу регионехь "гӀиллакх-оьздангаллин мехаллаш" адамийн дахарал а йеза йу-кх аьлла, дIахIоьттина даьлла ду. Амма оьздангалла – чIогIа чолхе кхетам бу, оьздангалла исламан этикаца йогIуш ца хуьлу даим а".


Дуккха а шуьйра а, йукъара а ойланаш ю кавказхойн зудчух лаьцна: иза оьзда хила йеза, духарца а цхьаьна, баккхийчеран а, гергарчу божарийн а ларам бан беза, цхьана а арахьарчу стага шех лаьцна вониг ала йиш йоцуш. Цундела ларлуш ду цуьнан доьзалан а, тайпанан а сий бохуш, кхин дӀа а дуьйцу къамелхочо.


Цо дийцарехь, регионехь "оьздангаллин мехаллаш" бохучу кхетамо гойту, меттигерчу культурина кӀоргге чубахана болу инзаре баккхий синхаамаш, уьш бусалба динан барамашна дуьхьал белахь а. Масала, Къилбаседа Кавказерчу цхьайолчу республикашкахь хӀинца а нисло "сий лардеш адам дер ": цигахь "оьздангалла йоцуш" лела бохуш йолу зуда шен гергарчарех боьршачу стага йен магош йу.


ЦӀий Ӏанор, сий дайар, йеттар, муьлхха а дегӀана таӀзар дар – иза бусалба динехь дац, боху Албаков Шамила: "И тайпа барамаш лело йиш йолу биллам бу, нагахь санна, низамехь йолу бусулба пачхьалкх йелахь, цу чохь нийсонца сацам беш кхел йелахь, цу кхелехь хьан ларвала аьтто а белахь".


Тхан эксперто-социолого билгалдаккхарехь, Къилбаседа Кавказехь адам дерах а, зудчунна тIехь гIело хьегарх а Iадаташца кхетадо, цхьаммо а цхьанхьа дIайаздина доцчу, амма багахь лелачу бакъонашца. Ма-дарра дийцича, билггал уьш муха хила дезаш ду, цхьанна а хууш дац, делахь а, чуьра, йа эхь-бехкаца доьзнарг дийцаре деш, адамаш оцу кодексе довлу.


"Iадаташ исламехь тIеоьцу, амма динна дуьхьал боцчара. Царех шайна хеттачу кепехь дийцаредо, амма Iадат муьлххачу Iадато стаг ве бахахь а, исламехь магийна дац и", - бохура Албаковс.


Адамаш -маликаш дац

Цхьана стеган кхечунна тIехь йуьззина бакъо йолу система, маликашна лерина йу; адамашлахь Iедалца шайн хьаштдерг леладо, бохура бакъоларйархочо Анохина Светанас. Цо куьйгалла дечу "Марем" бакъоларйаран тобано гIо до динехь хIусамдайша шаьш маьрша дита луучу зударшна, зударийн, божарийн бакъонаш къаьсташ хиларан хьолах цхьаъ ду хIара а.




Доьзалехь гIело хьоьгуш йолу цхьа йоI дукха хан йоццуш имаме йаьллера, ша йитийтахьара аьлла. Амма аьттехьа тIе ца дитинера цо бохург имамо. ТIаккха "Мареман" белхахоша дуккха а тоьшаллаш гулдира, оцу стага там-мах бечу хенахь харцо лелийна хиларх. Оцу кехаташца имамна тIе вахийтинера цхьа стаг. Хьалхара кехат ма-дешшара, имам маса реза хиллера, и зуда йита йезаш хиларна. Анохинас кхетадо цунах, имамана тIевахнарг борша стаг хиларца.


Цо билгалдоккху динца Iаткъам бечу хьелашкахь зудчунна гIо дар дукха хьолахь доьзна хуьлу, исламан принципийн буха тIехь дов дерзон лоруш болу динан дай йукъаозон аьтто хиларца. Делахь а, имамех мила-мила а кийча ца хуьлу зудчуьнгахьа гIо даккха.


Бакъоларйархочо дийцарехь, керла тенденци йукъайолу: нагахь санна, зудчо динехь ша йита бохуш хилча, цо тIедожадо ша белла там-мах охьабиллар. Цхьана зудчунна совгIатна хIусамдас КъорIан Iамадайтина хиллера, шена миллион сом охьадилла баьхнера цо.


И доцург цу тайпа кхин а хIуманаш хилла меттиг бу, кхин дIа а дуьйцу Анохинас. Цхьа стаг вара, ша зуда дIа мел йохуьйту, царна тIе миллион сом ахчанаш эгош: "Динехь оцу тайпа хIума магийна доццушехь, лелош дара хьуна и цо. Нах муха бу хьуна аьлча, шена лиъча – бусалба хуьлу, шена лиъча – Iадаташца беха. Иза а, важа а шена товш дацахь, иза веккъа кху заманан стаг хуьлу".


Дин хIумана бехказавийлар санна

"СК SOS" кризисан тобанан пресс-секретаро Мирошникова Александрас билгалдоккху, Iазапхоша дукха хьолахь динах пайдаоьцуш хилар шаьш лолориг къайладаккхархьама. Масала, цунна тIетовжу уьш, шайн йижаршна, зударшна маршо къовлуш, шайн лелар Дала ма хьеххара ду а бохуш.


Дино хьажийна ницкъбар а, наха иза бакъдина ца Ӏаш, шаьш динан низамашца лела деза аьлла хетар а, иштта даьржина хӀума ду, билгалдоккху къамелхочо. И лелар гуш ду цӀахь ницкъ беш болчарна йукъахь а, "зударийн эвхьаза леларца", йа ЛГБТК+ йукъараллица къийсам латточу меттигерчу Ӏедалхошна юкъахь а.


Къилбаседа Кавказехь дин лелорца чIогIа даьржина хIума ду хIара, амма кхеташ хила деза деккъа цхьана динца доьзна цахиларх. Федералан тIегIанехь Iедалхоша кест-кеста шаьш бехказадоху Делах тешарца лелош хIуманаш ду олий, амма пайдаоьцу цунна лерина керстан динах. Масала, президенто Путин Владимиро кест-кеста дIахьедо бераш дIадахарца, йа ЛГБТ-нахаца къийсам латтон беза бохуш. ЧIагIдо, пачхьалкхан и чIогIа йеза мехалла йу бохуш а.


Мирошниковас тидам бо, дукха хьолахь бала хьегначу нахана ца лаьа, шаьш лайнарг бахьана долуш исламца шаьш доза. Делахь а дуккхаъчеран цхьанатухийла йу кеп-кепара аспекташ: масала, динехь хуьлу уьш, амма оцу йукъанна кхета а кхета, дозалла а до, шаьш ЛГБТ-йукъараллин дакъа хиларх.



2024-чу шеран хьалхарчу эхашарахь Къилбаседа Кавказехь зуламаш лайна бу аьлла билгалйаьлла итт эзар гергга зуда – тӀаьххьарчу йалх шарахь уггаре а лакхара терахь ду иза. Цуьнца цхьаьна бакъонашларъярхоша хаам бира республикашкахь зударийн бакъонаш ларъярца доьзна хьал телхина хиларх лаьцна: кхелан гӀуллакхашна тӀехь терго латтийначул тӀаьхьа кхаьчна уьш цу жамӀе. Тхан редакцино теллира хьал, дийцира регионерчу кризисан организацеша бечу балхах лаьцна а.
Москвара лоьрийн колледжехь доьшуш хиллачу Магомедова Iайшатана йиттира, цул тIаьхьа лачкъийра иза цуьнан Дагестанера гергарчу наха. Товбеца-беттан 31-чохь хилла хIума дара иза. Кизил-Йурта иза йуха йерзийна исс де даьлча, хаамийн гIирсашкахь шуьйра дийца даьккхинчул тIаьхьа, Магомедова дIахийцира. Цунах лаьцна дийцира тхан редакцига бакъоларйархоша а, Iайшатан гергарчара а.
Гезгамашин-беттан 29-чохь дуьйна Босни-Герцеговинехь лаьцна 33 шо долу Хадисова Селима маьршайаккхийта хьийза бакъонашларйархой. Истанбулера Сараево йеанера иза шен жимачу кхаа бераца. Нана лаьцначул тIаьхьа мухIажарийн центре дIадигира цуьнан бераш, ткъа Селима Тузла гIалин набахте хьажийра. Интерполон дехарца Оьрсийчу экстрдици йан кхерам лаьтта цунна.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

«То в ладоши хлопну, то игрушку покажу» Как лучший грумер Сибири придает стиль хвостам, усам и лапам

African diplomats sat down at school desks

Москву ждут стремительное падение атмосферного давления и барическая пила

Мэри Поппинс и Наталья Андрейченко: Ложь с самого начала. Что осталось за кадром знаменитого фильма?

Музыкальные новости

Путин подарил Центральному зоопарку Пхеньяна более 70 животных

Начальник Главного управления Росгвардии по Московской области полковник полиции Пётр Зоров обратился к ветеранам региональной общественной организации войск правопорядка

Питчинг Релиза. Отправить релиз на Питчинг.

В Омске отменили концерт певицы Дианы Арбениной

Новости России

Москву ждут стремительное падение атмосферного давления и барическая пила

Поймай свою птицу удачи: участники флешмоба от «Столото» могут повысить свои шансы выиграть тот самый «Новогодний миллиард»

African diplomats sat down at school desks

Начальник Главного управления Росгвардии по Московской области полковник полиции Пётр Зоров обратился к ветеранам региональной общественной организации войск правопорядка

Экология в России и мире

Питчинг Релиза. Отправить релиз на Питчинг.

Сеть клиник «Будь Здоров» приняла участие в фестивале трудоустройства «Профи будущего»

10 стыдных вопросов об алкоголе и похмелье: отвечает психиатр-нарколог Ивери Кизицкий

Певицу Ольгу Бузову засняли во время примерки свадебного платья в Москве

Спорт в России и мире

Виктория Азаренко опубликовала обращение к завершившему карьеру Надалю

Тренер Камельзон раскритиковал поведение теннисиста Медведева

Медведев опустился на пятое место в рейтинге ATP

Синнер вышел в финал Итогового турнира, Оливейра победил Чендлера в UFC. Главное к утру

Moscow.media

Тени снежного сентября

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Социальный фонд проинформирует самозанятых о формировании пенсионных прав

ГК SIMETRA и ОАО «НИИАТ» объявили о стратегическом партнёрстве

«Юмор FM» – лауреат премии «Бренд года в России 2024»











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Начальник Главного управления Росгвардии по Московской области полковник полиции Пётр Зоров обратился к ветеранам региональной общественной организации войск правопорядка

В Пензе открылась книжная выставка «Мир книг на Пензенской земле»

African diplomats sat down at school desks

В Чехове сотрудники Росгвардии задержали подозреваемого в незаконном обороте наркотиков в крупном размере