Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, йа ша а, йа махкара бахархой а бехке бац Узбекистанан президентан администрацин хаамийн политикан департаментан хиллачу куьйгалхочунна Алламжонов Комилна тIелатарна аьлла. ГIадужу-беттан 26-чу буса муьлш бу цахуучу наха герзаш диттинера цуьнан машенна, вийна йа лазийна стаг вац.
Малхбузера хаамийн гIирсашна бехкаш дехкина Кадыровс, цигахь "нохчийн лар" хилла аьлла, верси къадорна. "Со цхьаъ билггал дан Iалашо йолуш хиллехь, долийначух бIе процентана йист а йоккхуш дерзийна хир дара", - дIахьедина мехкан урхалхочо шен телеграм-каналехь.
Муьлха зорбанаш ду нохчийн политико дуьйцурш, хууш дац – Нохчийчуьра бахархой гунахь хила тарло аьлла цхьанхьа а хьахийна ца карийра редакцина. Оцу йукъанна Узбекистанан Коьрта прокуратуро гIадужу-беттан 27-чохь дIакхайкхийра зорбанан гIирсашкахь хиллачух лаьцна "харц хаамаш" баржорах, билггал дуьйцург хIун ду къаста а ца деш.
Урхаллин хаамашца, Алламжонов а, иза дIасалелориг а чохь волчу машенна тIе герзаш тоьхнера цабевзачу наха, церан ка йаьллера къайлабовла. Масех де даьлча ницкъахоша дIахьедира шеконашца виъ стаг лацарх, царех лаьцна а, зулам хIун Iалашо йолуш дина хилла а, кхин хоуьйтуш дац. Бакъо йоцуш герз даккхарна а, цхьана Iалашонца стагана кIелойарх а йолчу артиклашкахула бехкзуламан гIуллакх долийна.
Кху шеран гезгамашин-беттан 30-чохь 40 шо долчу Алламжонов Комила дIакхайкхийра, президентан администрацин хаамийн политикан департаментан куьйгалхочун дарж ша охьадуьллуш хиларх, йаздо "Озодлик Радионо". Цо дIахьедира, ша бизнесехь болх бийриг хиларх, амма хIун бахьанашца даржера дIаваьлла а, шен кхиндIа йолчу Iалашонех а лаьцна ца дийцира цо. Цхьаболчу эксперташна хетарехь, цIеххьана Алламжоновс дарж охьадиллар доьзна хила тарлуш ду президентан Мирзияевн администрацихь "чоьхьара къовсам" хиларца.
Кху шеран стигалкъекъа-баттахь Кадыров Рамзан Узбекистанехь хилира Оьрсийчоьнан президентан официалан делегацин декъехь. Бусалба пачхьалкхашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун цхьа йоккха авторитет йу аьлла, сурт хIоттош, Ташкенте вахар цхьа боккха кхиам болуш санна тидира Кадыровс а, цуьнан гоно а. Тхан редакцино дийцира, Ташкентехь цхьана а кепара бартбар хилира Кадыровн бохучух лаьцна.